Культура: Итон-Кхаьллахь музыкин школа

Кху тIаьххьарчу шерийн боламан билгало хилла вайн дахарехь хуьлуш болу керл-керла хиламаш. ХIинццалц вай дозаллица дагардора дIогахь керла школа йина, кхузахь маьждиг доьттина, эццахь тIай тиллина бохуш. Дахаран хьелаш тодаларе хьаьжжина, вай ягарйо гIалин керла гIишлош, буьйцу районашкахь хилла бIаьрла хийцамаш. Царах ю лаьмнийн Итон-Кхаьллахь схьайиллина берийн музыкин школа а.
БIаьстенан делахь а, Iаьнан ачонах далаза долчу шийлачу догIанан ладаро корал арахь сингаттамца, йиш хаьдда ен гIовгIа шера къаьста нохчийн халкъан артиста, илланчас Ясаев Мохьмада урок лучу класса чохь.

ЦIен йовлакхаш а техкина, хьехархочуьнга дукха лерина ладоьгIуш Iа хин болу «баккхий артисташ», кхузарчу юкъардешаран 2-чу классан дешархой. Элпаш а, йоза-дешар а Iемина дукха хан яцахь а, цара хазахетарца Iамадо ноташца дешар а. Шайна а ца хууш, доккха ирс долуш бераш ду уьш – церан хьехархо, мукъамийн дахаре дуьххьарлера гIулч яккха уьш Iамош «Машаран илланча» аьлча мичхьа а вевзаш волу Ясаев Мохьмад ву.
– Ши бутт бу со Итон-Кхаьллахь кху школехь болх беш волу, – дуьйцу Ясаевс, – хIара меттиг гена хеташ, некъашца а, Iер-дахарца а долу хьал аьрха хеташ, районан культурин отделан хьаькама Ш.Исмаиловс а, сан куьйгалхочо Дешаран-методикин туьшан хьаькама I.Саиевс а лаьмнашкарчу музыкин школехь болх бан «захало» дийцича а тIе ца воьрзуш, Iаш вара со. Эххар а и гIуллакх нисделла воккхаве со. Дукха хьекъале, ийманехь бераш хилла кхузахь, кху чохь берш Муртазова Милана, Закариева Амнат, Закариева Мата, Гайтукаева Иман, схьакхача езаш кхин цхьа Иман а ю. Кху берашна нотни грамота а, вокал а Iамор сайн коьрта гIуллакх хета суна. Кхаьрца чIогIа сакъерало сан. Ноташца бечу балха тIехь дика кхиамаш бу тхан. Iуьйранна уьтталгIачу ах даьлча, шийтта даллалц юкъардешаран школерчу 2-3-чу классера а, шиъ даьлча, диъ даллалц 3-4 классера а берашца болх бо ас, ткъа хIара болх бина ваьлча, баккхийчаьрца беш а болх бу сан – исбаьхьаллин куьйгалхочун даржехь. Кху районехь иллеш олуш, эшарш локхуш, пондарш локхуш алссам кегийрхой бу. Церан аьзнаш, аларш, пондарш нисдеш а болх бо ас.
– Ткъа муха карийна хьуна хIара меттиг?– хаттарна жоп луш Ясаевс дийцира:
– Туьйранахь буьйцу мохк хилла хIара. Кху Делан Iаламах воккхавийна ца волу со. Iуьйранна самаваьлча, гобаьккхина гучу башлаьмнийн баххьаша дог тIома доккху, ткъа хIаваан цIеналла-м, мел чуоьзча а ца Iебаш, башха ю. Кху къеззигчу хенахь могашалла таелла йогIу сан. Син паргIато йолу меттиг ю хIара. Ткъа адамаш мел дика ду!
Шайн гIуллакхах сакъерадаларца районан музыкин школах лаьцна дийцира районан культурин декъан куьйгалхочо Ш.Исмаиловс:
– Итон-Кхаьлла, Шуьйта, Соьлжа хIара кхо район яра вайн республикехь музыкин школа йоцуш. И гIуллакх вайн паччахьна дIатосаделла, цуьнан лехамца, аьхка схьайиллина болх беш ю тхан школа. Кхузахь кхоъ отделени ю – дечиг-пондар, кехат-пондар, фортепьяно. Iемаш 50 бер ду. Бакъдерг аьлча, Дала шайна делла похIма долуш бераш а ду. Царна дечиг-пондар Iамош музыкин говзанча Исаев Ваха ву. Вокал Iамош ю Имадаева Iаламат. Нотни грамота а, фортепьяно а Iамош ву Ясаев Мохьмад. ХIара санна волу говзанча хилар тхуна боккха кхиам а, юьхькIам а бу. Иштта ву балетмейстер Абубакаров Адам а. ЧIогIа шен балхаца бала болуш а, цунна сагатдеш а ву иза. ХIинцале 20-х бер вовшахтоьхна а, церан масаллин хелхар а гайтина цо. Дала мукъ лахь, ишттачу говзанчийн гIо-накъосталлица, Итон-Кхаьллан районехь, культура лаккхарчу тIегIанехь хирг хиларх тешна а ду тхо.
Т.Саралиева
Авторан сурт

chechnya-itumkali

You can leave a response, or trackback from your own site.

Добавить сообщение

Введити сумму: *

Чечня