Бумт меттахIоттош ю

Вайн махкахь ткъех шо хьалха хиллачу тIемашкахь яккха ца лучу гIопах йийцина Бумт хIинца а Волгоградерачу «Павловн» цIийнах тера лаьтта. Аьлча а, лаьттина-кх оццул шерашкахь. Тахана Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедилларца хIара юрт меттахIоттон йолчу Iалашонца кхоьллина Нохчийн Республикин экономикин а, мохк кхиоран а, махлелоран а министр М.Хучиев коьртехь волу «оперативни штаб».
Гуш ма-хиллара, тIеман боламехь догIуш лелочу оцу дешнаша, юрт меттахIотторехь кхочушдечу гIуллакхийн а чулацам бовзуьйту. Баккъал а тIеман лараш дIайохуш, юьртана тIебоьду некъ а, юьртан шен урамаш а цIандеш, дуккха а шерашкахь тIе къух даьлла, херцалийн саьлнашкахь лаьттинчу дохийначу цIенойх ков-керташ дIацIанъеш, юьрта тIе газан биргIа ялош, тIехь тхов боцуш, десачу корашкахула дуьхь-дуьхьал мехаш хьоькхуш лаьттина рузбанан а, жамIатан а маьждигаш меттахIиттош, кхин а масане-масане гIуллакхаш деш, белхаш кхехкаш бу Бумтахь.
Оцу мелехьчу гIуллакхийн дакъалацархой бу Итум-Кхаьллан районерчу тайп-тайпанчу организацийн, учрежденийн, ведомствийн белхахой. Иштта дIадаханчу шота дийнахь кхузахь дIабаьхьначу республикин а юкъарчу белхелахь а дакъалецира цара. ТIамо бохор а, хьомечу юьртах а, винчу махках а хьегар хIун ду дика хуучу итум-кхаьллахоша хьалхара къух а, хьун а хьокхуш, уьш ягош а, тIахьара нехаш гульеш, уьш дIакхуьссуш а къахьийгира.
Кхузарчу администрацин куьйгалхочо Заурбеков Iумара дийцарехь, 2 бIе шо сов истори йолчу кхеран юьртахь, тIеман шераш тIекхачале 5806 вахархо вара вехаш. Бахархой таса а белла даьхни лелош, «Бамутски» совхозан кхаш тIехь ялта а, хасстоьмаш а кхиош, «Лесхоз» олучу хьуьнан бахамах пайдаоьцучу комбинатехь къахьоьгуш, хьаналчу рицкъаца бехаш бара. Юьртарчу бераша кхаа школехь доьшура. Яра ФАП а, культурин цIа а.
6, 2 километр йохалла йолчу юьртахь бертахь бехара тайп-тайпанчу къаьмнийн а, тайпанийн а векалш. Цуьнан йохалла бахьана долуш, иза масех жимчу ярташка екъаеллера: ГIеза-Юрт а, Бумт а, Лакха Бумт а.
Амма, хууш ма-хиллара, тIулга тIехь тIулг ца буьтуш йохийра юрт. Дуккха а зенаш хилира кхузарчу нахана. Мохк ма-ббу баьржинчу буматхоша, шайн дай баьхначу меттигашка сатийсина кху ткъех шарахь. Тахана церан дегайовхо ю шайн сатийсам кхочушхиларх. И дегаховхо церан кхуллу де-буьйса ца лоруш дIахьочу меттахIотторан белхаша. Уьш кхочушбо республикин тайп-тайпанчу организацешкарчу, ведомствошкарчу, учрежденешкарчу 3 эзар сов стага. Кондаршна, хьаннашна юкъаяхана меттигаш а алссам ю кхузахь. Херх, диг, бел ца тоьучу меттехь болх беш ю яккхий трактораш, киралелон машинаш, камазаш, кунаш, доцца аьлча, ишттачу гIуллакхна лерина нуьцкъала техника.
Юьртдас I.Заурбековс дийцарехь, тахана санна берриг мохк арабаьлла ца хиллехь а дендаларан некъа тIехь къахьегна кхара. Цу тIедоьгIна аьлча, А-Хь. Кадыровн цIарахчу региональни Фондо 2007-чу шарахь 360 берана лерина керла школа а, амбулатори а йиллина, 2010-чу шарахь бахархошна 71 цIенош дина.Тахана хьаладуттуш ду керла 30 цIенош, ян йолийна 120 берана лерина берийн беш, меттахIоттош ду эзар стаг чутарлун волу рузбанан маьждиг, иштта меттахIоттош ду ГIеза-Юьртара жамIатан маьждиг, 8 квартирах лаьтта хьехархойн цIа, ноябрь бутт чекхболуш йина яьлла хила езаш ю юьртан администрацин а, почтин а гIишлош. «И дерриге а Делан къинхетамца, паччахьан омрица дIахьош ду, – билгалдаьккхира I.Заурбековс, – амма доллучул а тхуна товш дерг махкахоша, лулахоша тесна ца дуьтуш, тхан гIолацар ду. Цхьаъ тIеIоттаделча ма вевза гергарниг, луларниг. Дела реза хуьлда вайн массеран а гIайгIа бечу вайн паччахьан а, вешан барт, цхьаалла, вешан Куьйгалхочунна муьтIахь хилар гойтучу вайн къоманна а».
Р.Ризванов
chechnya-subbotnik-bamut-administration-itum-kalinskogo-raiona-DSC_0320

chechnya-subbotnik-bamut-administration-itum-kalinskogo-raiona-DSC_0319

chechnya-subbotnik-bamut-administration-itum-kalinskogo-raiona-DSC_0322

chechnya-subbotnik-bamut-administration-itum-kalinskogo-raiona-DSC_0321

chechnya-subbotnik-bamut-administration-itum-kalinskogo-raiona-DSC_0323

chechnya-subbotnik-bamut-administration-itum-kalinskogo-raiona-DSC_0318

chechnya-subbotnik-bamut-administration-itum-kalinskogo-raiona-DSC_0317

chechnya-subbotnik-bamut-administration-itum-kalinskogo-raiona-DSC_0324

You can leave a response, or trackback from your own site.

Добавить сообщение

Введити сумму: *

Чечня